30 —
|
Дахаро вадийна лелорх
Дахаро вадийна лелаварх, Хьан амат соьцанна ду. Тешалахь, волийла делах, Сан безам, ойла хьо ю.
Доггах хьо езаш ю суна, Цунна яц кхеташ а наб. Т1екхача сатуьсу хьуна, Лехарца б1аргаш лац хьаб.
Ма ала, хьалхе ду веза. Хьоьца бен сайн ирс а гац. Хьан-хьанна бевзаш бяц безам, Хьоьха сан вала йиш яц.
Дахаро дег1 д1асакхийсарх, Ойла, дог хьоьцанна ду. Ницкъ бац сан цаьрцанна къийса, Хьан даше хьаьхна со ву.
-------------------------
Шаид Рашидов
|