1 —
|
Юха а хьо гина
Мелла хан д1аяьлла, Вайшинна девзина, дезна. Дийзира цкъа ваха: "Кестта ц1а вог1ур ву", - аьлла.
Ткъа ирча кхаъ бара Геналлехь шел а веш хезнарг, Бохура цхьаммо соь: "маре и яхна, аьлла!"
1адина санна со Висира хьа ца луш меттах 1овжийра кийра а, Балано к1айбира корта. Дикка со лаьттира Волчуха г1антах а летта, Ахь суна битира къастаран баланаш шорта.
Со ц1ехьа хьаьдира, Стиглане лакха а ваьлла, Набаран суй боцуш. Вог1ура геннара ц1ехьа. Моьттура хьо гур ю Ц1а вог1уш дуьхьала яьлла, Денош д1аихира Хьо ца гуш шерел а деха. Дикка хан елира Даго т1е ца лоцуш къастар, Ахь кийра йоьллина йовхо.
Диц ца ло тахана Довхачу дешнашца хьастар, Дагахь а дацара Хирг хилар цхьаммо юкъ йохош.
Юха а хьо гина, Кийрара ц1е меттах хьайна, Хьоьха ца къасталуш, Къамеле ваьлла со хьийза. Ас санна безаман халонаш цхьаммо ца лайна, Стиглане айелла Мархашлахь аьрзу а хьийза.
-------------------------
Шаид Рашидов
|