91 —
|
Малх дукъал т1ехьа буллушехьа
Малх дукъал т1ехьа буллушехьа, Стиглахь седарчий даьржжашехьа, Ас сайн дог хьоьга д1акховдадо, Сан сирла ойла цуьнца д1ало.
Хьо сан деган безам, йовхо ю, Сан г1айг1а, йоккхаер-тем хьо бу. Мерза хьоьстуш, ас хьо вохвийр ву, Г1айга-балех ас хьо ларвийр ву.
Суьйре 1аржлуш г1айг1ано ягош, Сайн къайле ас седарчашка ло. Муха хуур ду хьан дагахь дерг!
Хьо сан шеко а, къайле а ю, Хьан даг чу хьажа со лууш ю. Сайчух буста безам карабахь - Ирсах йоккхаеш, со ехар ю.
-------------------------
Раиса Ахматова
|