47 —
|
Даггара езаш
Даггара езаш, ткъа безам Хьоьга д1абийца ца лууш, Дахарехь берриге эшам, Хазаниг, хьоьцанна гуш.
Лийлира ойлане ваьлла, Массанхьа лоьхуш хьан лар. Ирс хеташ ара а яьлла, Урамехь х1оьттина гар.
Х1инца а лела со-м тийна Даг чуьра дийца стаг вац. Седарчий хьуьйсу соь шийла, Ведда ван меттиг а бац.
Хьо езаш мерза наб яйна. Кхоллам бу къайленийн теш. Юьхь т1ера ц1ен бос а байна, Хораман къурдаш а деш.
Къа хьайна хьаьрчарна кхерац? Х1унда сан дагадо дог? Ца везахь ала соь везац? Х1аллакье кийрара бог.
Даггара езаш, ткъа безам, Хьоьга д1абийца ца лууш. Веха со-м берриге эшам, Хьомениг, хьоьцанна гуш.
-------------------------
Шаид Рашидов
|