17 —
|
Юкъал а буьйса
Юкъал а буьйса т1ехъяьлла, Сийналлехь седарчий къиэга, Аренаш набарха йоьлла, Мархашлахь батто до нека. Г1енах хьо дуьхьал а яьлла, Хеназа со набарх ваьлла, Набкхетац. Хьуна г1ан делла, Далахьара сахилла даьлла.
Мерзачу набарха йоьлуш, Беснеш т1ехь к1аьгнаш а х1уьттуш, Ховхачу меттахь хьо 1уьллуш, Г1енах гуш со велар хьуна.
-------------------------
1арби Мамакаев
|