26 —
|
Со д1а ма татта
Оьг1азе дош алий со д1а ма татта, Вуьшта а доца ду дахар. Цул т1аьхьа ца хуьлу хан яккха атта, Хьо ю сан деган стом, бахам.
Нагахь со вицвина кхечунах кхетахь, Ойла а яханехь цуьнга, хаийта. Цхьа харц дош эр дац хьоь, теша, Ладог1а езашволчуьнга. Къастаран къаьхьа кад мер бу хьоьх хадча, Х1умма дац 1ожалла кхачарх. Х1ун дора ваьхна а езачух ваьлча, Шеквалац коша чу кхачарх.
-------------------------
Шаид Рашидов
|