78 —
|
Генарчу йо1е
Тийна лаьтта сийна хьаннаш, Мохо хьоьстуш леста г1аш. - Г1ел ма лохьа, - бохуш санна, Бай т1ехь техка зезагаш.
Хьалха санна чехка Яьсси Буьрса бердийх деттало. Амма суна-м ахь дог лаьцна, Суьйре тийна хетало.
Яц хьо соьца, юххехь декаш Хьоме хьан аз хезаш дац. 1аьржа б1аьргаш, малхах лепа Йогу беснеш суна гац.
Гена некъ бу, - яц хьо генахь, Хьо даим сан дагчохь ю. Кхоллам белахь вайша бертахь Ирсе цхьаьна дехар ду.
Суьйранна цкъа хьайн сагатлахь, 1аламе ладог1алахь. Мелчу мохца беснеш хьоьстург Со хир вуйла хаалахь.
-------------------------
Абузар Айдамиров
|