90 —
|
Наб кхетац ехачу буса
Наб кхетац ехачу буса, Седане наб йоьху аса. Сох къа а хетта, цо суна Безаме хичаш йо лакхахь.
Бовзачу новкъа со йоьду, Юьртана йолу со генна. Т1улгашна юккъехь цхьа шовда Дистхуьлу, дош олуш хьоме.
Г1оьнна со кхайкхира хьоьга, Йовхо а йийхира жимма, Амма хьо схьахьаьжир соьга... Т1ехвелира юххешха шийла.
-------------------------
Раиса Ахматова
|