83 —
|
Лаьа-кха хьоьца со хила
Лаьа-кха гуттара Хьоьца со хилар, Даггара г1айг1абен Хьан къамел хазар. Гуттар а санна, ас 1еминчу куьйга Шуьйрачу хьан белшех Пальто д1аяккхар.
Лаьа-кха, балхара Хьо вог1уш цкъацкъа, Самукъане хьажарца Хьоьга б1аьрг тохар. Г1айг1абар, дог-ойла Ахь цхьамма сайца Лаьа-кха оьмарехь Даима екъар.
Лаьа-кха гуттара Хьоьца со хилар, Хьо сайна санна, Хьуна со езар. Сел мерза езар а Хиларца даггара, Лаьа-кха суо хилар Хьан. хьоме доттаг1!
-------------------------
Раиса Ахматова
|