74 —
|
Ирзехь
Сингаттам сов баьлча Сатеда вог1уш, Бераллин мерза мур Ас бихьна, ирзо, Тахна а кхечи со Хьоьга б1аьрг тоха, Хьоьца сайн дог 1ехо Ойла ян ирсан.
Амма дог 1ехалац Х1инццалца санна, Ду иза езачо Йийсаре лаьцна. Генара сан безам! Массо а ханна, Хьоьца ю сан ойла Йиллина сецна.
Кху ирзехь кхора т1ехь Къоркхокха бека, Дитташ а вовшашна Т1етийжаш техка, Шовда ду т1улгашца Зурманах декаш, Ткъа, сан дог, хьо гаре Сатуьйсуш кхехка.
Ойла хьо лелачу Урамехь кхерста, Ахь денна болх бечу Хьаьттахь и соьцу, Хьайн хазчу куьйгашца Каде къахьоьгуш Хьо сайна хиъна 1аш Гуш санна хета.
-------------------------
Абузар Айдамиров
|