57 —
|
Дерриге а - хьуна
Хьо-сан лаам бу лекха, Ондда, хьалакхийдаш, Датон басахь лепаш, Сан ирсах лешаш.
Хьо-сан шовда ц1ена, Х1ора денна молу, Седа токхвеш 1енаш.
Хьо-сан беш ю 1ежийн Ас денна садо1у. Сан деган пхенийн Тешамен 1у.
Хьо-вайшиннан паччахь ю, Ас хьуна ло берриг мохк, Хьал, дахар, 1алам, Сайн сатийсамийн дохк!
-------------------------
Хьасан Гапураев
|