63 —
|
Безам белча
Безам белча, Нах ца боьлху тезет х1отто, Безам белча, лаьттах и ца буллу. Даг чохь хир ду цуьнан лахьта готта Цхьаннан-шиннан б1аьрхи дер ду дуьра.
Хьох, сан безам, т1аьххьара д1акъаьсташ Байлахь йисна сан къоналла йоьлху. Б1аьрзе хилла, къора хилла, астаг1 Кхерстар ю и, 1аьржа бедар йоьхна.
Ахь со когаш1уьйра ваьккхи лайла, Ахь со вагавити маьлхан кхерчахь. Марша 1айла, къона безам, марша 1айла. Сан къоналла дойла хьуна геч а.
-------------------------
Шерип Цуруев
|