34 —
|
Х1ун ду-те: "Тоьур ду" алар?
Х1ун ду-те: "Тоьур ду" алар? И стенах доьзна ду ахь? Нисло стаг к1еззиг галвалар Сихлой ма хадабе мах.
Шек йоцуш эли и дешнаш, Накъост а елакъежи. Ц1ий а ца ели хьан беснеш, Ойлане ши б1аьрг сеци.
Бен доцуш хийти уьш суна, Стенна ца иккхи сан дог Иза а хуур дац хьуна, Кхечуьнца боккхур бу ког.
Тахана хьаьжи соь шийла, Аьлла дош тергал ца дин. Къасторан д1овш доьтти кийра, Хиллачун ойла ца йин.
-------------------------
Шаид Рашидов
|