22 —
|
Хьо дагайог1ий
Хийла а хьо дагайог1ий, Ойлане х1утту со д1а. Безамо хьегош дог огу, Сатуьсу денна а ган.
Хьегаро мара а вуллий, Вуьгу со геналле д1а. Цхьа башха кийра а юлий, Х1унда ахь сагатдо сан?
Къоналлин б1аьсте ю хьоьца, Беснеш а нуьре ю хьан. Дахаран гуьйре ю соьца, Корта а сирбелла сан.
Амма дог соцуш дац цкъа а, Къар ца луш деттало и. Хан яларх ца ло и-м къан а, Бехкениг карош яц кхин.
Хьо цхьанна ду иза дехаш, Цунна со ойлане 1а. Дикане сатуьйсуш веха, Хьо йоцчохь дахар дац сан.
-------------------------
Шаид Рашидов
|