31 —
|
Хаалахь
Ахь боху: "Мичахь бу безам? Поэтийн туьйра ду и". К1еззиг бац цунах хьан кхетам. Цундела суна чов йин.
Даьссачу даг чу ца бог1у Дахарехь цкъа а и, йо1. Цунна хьан кийра ца богу, Шело ю гулъелла чохь.
Ахь хьайн дог массарна декъна, Х1унда ца къастийна цхьаъ? Мил-милла хьоьстуш хьан къехьна... Сирачо шийланиг кхаъ. Безамаш лаьттехь ца хилча, Кхетар а бацара малх. Массо а хьо санна тилча, Дуьне а лур дара къахь.
Хаалахь, даим бу безам, Малх мел бу, хир а бу и. Адмаш вовшашна деза, Т1аккха бен кхоллалац ирс.
-------------------------
Шаид Рашидов
|