27 —
|
Беха некъ
Беха некъ нисбелла тахана Вайшина юккъехь, Амма хьо йицйина сада1а, Ца юьжу ойла. Дависа, велира, хазаниг, Со хьуна юххехь, Йог1ур ю и хан а, малолахь Кхечунах 1еха.
Диц ца ло хьан яр а шовдане Ломарчу юьртахь, Ловзадар гуьлмаьнда мехкарий Гора хьан суьртахь, дог ловза дуьйлура ца човхош Цхьана а воно.
Буьйсанна вуьйлура седарчийн Стиглахь со т1ома. Ирсе а лорура дуьнен чохь Йоккхучу ханна. Лаьтта т1ехь хилла дац, хир а дац Х1умма хьол хьоме, Ахь алахь, дог а сайн даьккхина Лур ду хьо цхьанна.
Тахана-м беха некъ нисбелла Вайшинна юккъехь, Амма хьо йицйина цхьа минот Зама ца йолу. Дависа, велира, хьомениг, Со хьуна юххехь, Массо а долу дош кийрара Хьан ц1арца долу.
-------------------------
Шаид Рашидов
|