11 —
|
Хаалахь
Хаалахь, ловр ду ас: Цамгаро вожаварх лаьтта, Йогучу ц1ергах суо ваттарх, Лекхачу бердах чу таттарх.
Хаалахь, ловр ду ас: Висарх а цхьа воцуш байлахь, Шелоно г1ораварх лайлахь, Къен хиларх бахам а байна.
Хаалахь, ловр ду ас: Бехк боцуш харцо т1екхолларх, Муш тесна танг1алкхах олларх, Бодане ор чу суо волларх.
Амма цхьаъ ловр дац ас: Езачу хьоьха д1акъастар, Суо воцчу к1анта хьо хьастар, Кхечаьрга мотт кхабар, бастар.
-------------------------
Шаид Рашидов
|