86 —
|
Хьо волчу йог1у со
Хьо волчу йог1у со Ламанан новкъа, Кераюкъ лепачу Седанах юьзна. Дуьххьал-д1а хьо лела Некъ серлабаккха, Йохьу ас седанан Серлонан хазна.
Буьрсачу дарцо хьо, Доттаг1 сан, шелвахь - Сихлур ю, малх хилла, Со юххе яла. Хир ю сох 1уьйре а - Ойлано г1елвахь, Буьйса а санна, хьан Г1айг1а д1алалла!
Некъ бечохь мох-дарц а Нислуш ду хийла. Дог1ано хьовзавахь, Сан ц1е ахь яккха, - Г1оттур со, б1аьстенан Стела1ад хилла, Дог1ано т1адорах Хьо хьалхаваккха.
Хьаглой хьо, - ламанан Шовда а хилла, Хьо волчу хьодур ю Т1улгашна юккъех. Нагахь хьо къовсамехь Г1о оьшуш хилча, Орцах со кхочур ю - Ларор ду вайша.
Хьо волчу йог1у со Б1аьстенах, эсал, Цхьана а халонах, Дарцах ца кхоьруш. Даггара тешалахь: Хир яц со осал, Къонахчун некъаш ас Хьоьца д1акхоьхьуш.
-------------------------
Раиса Ахматова
|