25 —
|
Хьо-м яха эхарта
Хьо-м яха соь йоьду Я юьту доцуш, Сан кийра 1овжийна Эхарта д1а. Со виси хьоьх ваьлла Доттаг1а а воцуш, Ткъа муха воьрзур ву Хьо юьтуш ц1а?
Вовшеха хьулдина Дацара х1умма, Дийнахь ца гича Сихлора дог. Со-м варий дахар а
Лур долуш хьуна, Ткъа х1унда теси ахь Сан кийра ц1е?
Мел къона яра хьо! Юьхь яра сирла! Ехара массарна Кховдийна са. Къайлаха мулкулмовт Деана хилла, Хьан ши б1аьрг хьаббина Даха и д1а.
Баланаш байбан сайн Коша т1е вог1у, Ойланца дийца хьоь Дагара сайн. Амма хьо д1атийна Жоп доцуш данне. Г1айг1ане воьрзу ц1а Хьоь хьохьуш 1ай.
Эрна ду мохь бетташ Кхайкхар а хьоьга. Ма цхьалха вити ахь Дуьнен чохь со. Ца соцуш сан б1аьрхиш Коша т1е оьгу, Йист хилий алахьа: "Суна хьо го!"
Хьо-м яха соь йоьду Я юьту доцуш, Массарех къаьстина, Эхарта д1а. Хьуо езнарг цхьа вуьтуш, Дерриге отуш, Со муха воьрзур ву Хьоьх ваьлла ц1а.
-------------------------
Шаид Рашидов
|