10 —
|
Дикка хан д1аели
Дикка хан д1аели Т1етт1а кхачанза, Сатийсар совдаьлла Г1елвелла со. Яздехьа, буй те хьан Соь безам банза? Кхечуьнца хьо ехаш Г1енаш а го.
Тергечух лела со-м Урамаш хедош. Верза а ца туьгу Винчу ц1а со. Батто а меллаша, Шеха а хьегош, Серло а гонаха Д1аяржайо.
Х1ун де ас? Цхьа а вац Орцаха вала. Вог1алой лаьтта со Ойланаш еш. Кийрахь бу вай вовшех Къастаран бала, Гонаха хьовзахьа, Дагна там беш.
-------------------------
Шаид Рашидов
|