93 —
|
Сайн седа лоьхуш
Жима йолуш кест-кеста йолура ара. Буьйсанан йистехь, стигланан лакхехь Лоьхура серло - и седа бара, Сайн дагна хазбелла, Хаьржина седа!
Доттаг1чо санна, седане ас хотту: "Алахьа, хьо буй-те сан ирсан седа?" Амма шен паччахьийн лакхара хьоьжург Лепара жоп ца луш, латта шех хьегош.
Юьртарчу йо1ана, суна, ца хиъна Хиллера и лепар - алун ницкъ буйла. Хаацара лаьттарчу ураман новкъахь Сирлачу б1аьргаша со лохур юйла!
Цу шингахь хаало сан даг чу кхийдар, Царшимма хаттар до: "Хьо юй тхан серло?" Сан ирс мел совдаларх, шу хир дац хийра: Хало а, атто а йоькъур цхьатерра!
Шуьшинца некъ бан со кийчча ю тахна, Хинйолу сан стихаш керла аз хир ду. Къан ца лун даггара безам а бахна, Суна шу лепийла, лаьттан ши седа!
-------------------------
Раиса Ахматова
|